Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Синай-ламанан бохь тІе воьссинчу Везачу Эло Мусага лам тІе кхайкхира. Муса хьалавелира. Юха Дала халкъе хІара дешнаш элира: «Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара, лоллехь долчуьра Арадаьхнарг. Со воцург кхин Дела ма хилийта шайн. Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хІуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цІуш а ма белаш. Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. Амма, шена тІедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тІаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас. Везачу Элан, шайн Делан, цІе эрна ма яккха, хІунда аьлча Шен цІе эрна йоккхуш верг Везачу Эло таІзар ца деш вуьтур вац. Шоьтан де дагахь латтаде, иза Сан дуьхьа дІа а къастош. Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гІуллакхаш а нисде. Ткъа ворхІалгІа де шайн Везачу Далла лерина садоІу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кІанта а, йоІа а, шун лено а, гІарбашо а, даьхнино а, шун хІусамехь волчу хьешо а цхьа а тайпана болх ма бе. Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигалш а, латта а, хІорд а, дерриг а царна чохь дерг а. ВорхІалгІачу дийнахь Цо садаьІна. Цундела шоьтан де, декъал а дина, Шен дуьхьа дІакъастийна Везачу Эло. Шайн дай-наний а лара, шайн Везачу Дала шуна лур долчу лаьтта тІехь дехха дахар шун хилийтархьама. Адам ма де. Нахаца ма лела. Къола ма де. Шайн уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла ма де. Шайн уллорачун цІа ма деза, цуьнан зуда а ма еза, цуьнан лай а, гІарбаш а, сту а, вир а, цуьнан цхьа а хІума а шайна ма деза». ТІаккха Веза Эла шуьга вистхилира оцу цІерана юккъера. Цо дуьйцург шуна хезара, амма Цуьнан васт ца гора, аз бен ца хезара. Стигалийн цхьана йистера схьаболу иза, вукху йисте кхаччалц некъ а бу цуьнан. Малхо луш йолчу йовхонах цхьа а хІума хьул ца ло. Везачу Эло белла хьехам билггала нийса бу, цо синан чІагІо йо. Везачу Эло дІадиллинарг а тешаме ма ду, Цо хьекъална кІоргге волчунна а хьекъалалла ло. Везачу Элан омранаш бакъахьара ду, цара дог айадо. Везачу Элан весет сирла ду, цо бІаьргаш серладоху. Иштта, товрат-хьехамаш беза бу, ткъа и весет деза а, нийса а, дика а ду.
Выбор основного перевода