Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Юьхьанца Дала кхоьллира стигалшший, латтий. Иштта кхолладелла стигалш а, латта а, царна тІехь мел йолу хІума а. «ХІорш ду шун Везачу Дала шуна хьеха аьлла тІедехкина долу весеташ, парзаш, тІедехкинарш. Шайна дола даккха шу тІедоьлхучу оцу лаьтта тІехь, уьш кхочуш а деш, лела деза шу. Хьан Везачу Делан ю стигал а, уггар лакхара стигалш а, латта а, цунна тІехь мел дерг а. Везачу Элана хьалха доІа а деш, Хьузакх-ЯхІус элира: «Каруб-маликашна тІехула йолчу Іаршна тІехь охьахиъна Іаш волу, Исраилан халкъан Веза Дела! Дуьнен чуьра массо а пачхьалкхийн Дела Хьо цхьаъ ву. Ахь кхоьллина стигал а, латта а. Веза Эла! Хьан хедар боцу безам стигалшка дІакхочу, Хьан тешаме хилар мархашка кхочу. Иштта боху Везачу Эло, Исраилан халкъан Паччахьо а, и халкъ ПаргІатдоккхучо а, массо а ницкъийн Везачу Эло: «Со Дуьххьарлерниг а, ТІаьххьарлераниг а ву, Со воцург, кхин Дела вац. И дерриге а шайна хезча, Делах тешаш берш цхьаьний аз айдина доІа дан хІиттира: «Хьалдолу Эла! Ахьа стигал а, латта а, хІорд а, царна чохь мел дерг а кхоьллина! Иза долуш долчу дерригенал а хьалха вара, Цо массо а долуш дерг шен-шен меттехь лоттуьйту. стигал а, латта а, хІорд а, царна чохь мел долу хІума а кхоьллина волчу, ерриг а тІейогІучу заманна волуш Волчун цІарах чІагІо йира: «Дала кхин лур яц шуна хан.
Выбор основного перевода