Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ярийн курсаца цинцаш тохахьа суна тІе, тІаккха со цІена хир ву, хих ваккхахьа со, тІаккха лонал а кІайн хир ву со. «Тийна ладогІа Соьга, хІордан йистера къаьмнаш! Халкъаша шайн ницкъаш карлабохийла! Улло а даьхкина, дистхуьлийла уьш. ГІуллакх къасто, цхьаьнатохийла вай. Со-со ву шун къинош дІадойуш Верг. Ас иза Сайн дуьхьа до. Шун къинош кхин дагадохкуьйтур дац Аса. Хилларг дагадаийта Суна, цхьаьна къастор ду вай. Дистхила, шу бакъдеш долу бахьанаш даладе. Ас хьан зуламаш, дохк санна, дІадаьхна, Ас хьан къинош, марха санна, дІадайина. Юхаверза Суна тІе, хІунда аьлча Ас мах баларца паргІатваьккхина хьо». Ас цуьнга жоп делира: «Хьуна хьайна ма хаьа, эла». ТІаккха цо элира соьга: «Уьш, боккхачу балехь а лаьттина, схьабевлла бу. Цара шайн духарш, цІан а дина, Іахаран цІийца кІайдина.
Выбор основного перевода