Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхойн паччахьо ЯрбаІама паччахьалла до ткъе ворхІалгІа шо долуш, яхІудхойн паччахь хилира Амци-ЯхІун кІант Іузи-ЯхІу. Исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхІун кІанта Пикхахьис паччахьалла до шолгІа шо долуш, яхІудхойн паччахь дІахІоьттира Іузи-ЯхІун кІант Йовтам. Рамли-ЯхІун кІанта Пикхахьис паччахьалла до вуьрхІитталгІа шо долуш, яхІудхойн паччахь дІахІоьттира Йовтаман кІант Ахьаз. Ахьазан ткъа шо дара, иза паччахь дІахІоьттича. Цо Ярушалаймехь ялхитта шарахь паччахьалла дира. Ша схьаваьллачу Дауде терра а ца лелаш, шен Везачу Далла нийса хеташ долу гІуллакхаш ца леладора Ахьаза. Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Цо ур-атталла шен кІант цІерах чекхваккхийтира, Везачу Эло Исраилан халкъана юкъара дІалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гІуллакхаш лела а деш. Гунаш тІехь а, баьрзнаш тІехь а, муьлххачу а ІиндагІ луш долчу диттана кІел а сагІа а доккхура, хаза хьожа йогІу хІума а ягайора Ахьаза. ТІаккха арамхойн паччахь Рицан а, исраилхойн паччахь Рамли-ЯхІун кІант Пикхахьи а, Ярушалайм дІалаца дагахь, Ахьазана дуьхьал тІом бан вахара. Цара Ярушалаймана го бира, амма толам ца баккхабелира цаьрга. Цу хенахь арамхойн паччахьо, Эйлат-гІала Араман халкъана юха а ерзош, цу гІалара яхІудхой дІалаьхкира. Эдомхой цо Эйлат-гІала бахийтира, уьш кху заманахь а цигахь бехаш бу. Ахьаза шен геланчаш бахийтира Ашур-мехкан паччахьна ТигІлат-Палиасарна тІе. Цо элира: «Со хьан ялхо а, хьан долахь верг а ву. Схьа а волий, суна дуьхьалбевллачу арамхойн а, исраилхойн а паччахьийн карара кІелхьарваккхахьа со». ТІаккха Ахьаза Везачу Элан цІа чохь а, паччахьан цІийнан хазни чохь а долу деши а, дети а, схьа а эцна, Ашур-мехкан паччахьна совгІатна дахьийтира. Ашурхойн паччахьо ладуьйгІира Ахьаз-паччахьо бохучуьнга. Иза Дамасакхана дуьхьал тІом бан вахара. Дамасакх схьа а лаьцна, цигара бахархой цо Кхир-гІала дІакхалхийтира, ткъа Рицан вийра. Цул тІаьхьа Ахьаз-паччахь Дамасакхе Ашур-мехкан паччахьна ТигІлат-Палиасарна дуьхьалвахара. Ахьазана Дамасакхехь лаьтташ болу сагІа доккху кхерч гира. Цо оцу сагІа доккхучу кхерчан жима кеп а яйтина, иза дІа муха хІотто беза дуьйцуш долу кехат а яздина, уьш динан дега УръяхІуга дІадахьийтира. ТІаккха динан дас УръяхІус шега Дамасакхера Ахьаз-паччахьо схьабаийтинчу кепехь сагІа доккху кхерч бира. Ахьаз-паччахь Дамасакхера юхаверзале динан дас УръяхІус и кхерч бина дІахІоттийра. Паччахьна, ша Дамасакхера цІа веача, и сагІа доккху кхерч гира. Цо, кхерчана тІе а вахана, цу тІехь сагІа даьккхира. Дийнаташ дагоран сагІа а, кІен сагІа а, чагІаран сагІа а даьккхира цо цу кхерчана тІехь. Бертан сагІа а доккхуш, кхерчан агІонаш тІе цІийн цинцаш туьйхира паччахьо. Керлачу кхерчана а, Везачу Элан цІенна а юкъахь Везачу Элана дІакъастийна цІестан кхерч бара лаьтташ. Амма Ахьаз-паччахьо, и кхерч, схьа а эцна, шен керлачу кхерчана къилбаседехьа агІор охьабиллира. Динан дега УръяхІуга, омра а деш, Ахьаз-паччахьо элира: «Оцу боккхачу кхерчана тІехь Іуьйренан дийнаташ дагоран сагІа а, суьйренан кІен сагІа а даккха. Иштта цу тІехь паччахьан а, кху махкара массо а адамийн а дийнаташ дагоран сагІанаш а, кІен сагІанаш а, адамийн чагІаран сагІанаш а даха. Муьлхха а дагоран сагІа доккхуш даьлла цІий а, муьлхха а сагІина дахьаш долчу дийнатийн цІийн цинцаш а тІетоха оцу кхерчана тІе. Ткъа цІестан кхерч пал туьйсуш лелор бу аса». Ахьаз-паччахьо омра ма-дарра, дерриге а кхочушдира динан дас УръяхІус. Ахьаз-паччахьо чкъургаш тІехь йолчу кІелхІотторгашна тІера деакІов пенаш а, еш а дІадехира. Иштта боккха цІестан яй а дІабаьккхира, цІестан стерчашна тІера иза тІулган цІенкъа охьа а буьллуш. Везачу Элан цІийнан кертахь шоьтан дийнахь дІахІуттучу гуламна лерина йина тхевнан кІело а дІаяьккхира Ахьаза. Иштта паччахьан арахула Везачу Элан цІа чу вогІийла а дІаяьккхира. Иза Ашур-мехкан паччахьан дуьхьа дира Ахьаза. Ахьазан кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. ТІаккха Ахьаз, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Ахьазан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Хьузакх-ЯхІу. Амосан кІантана ЕшаІ-ЯхІуна ЯхІуд-махках а, Ярушалаймах а лаьцна сурт хІоьттира. Цо иштта хаам бора: Іузи-ЯхІун кІентан Йовтаман кІант Ахьаз ЯхІуд-мехкан паччахь а волуш, Рицан Арам-мехкан паччахь а волуш, ткъа Рамли-ЯхІун кІант Пикхахьи Исраил-мехкан паччахь а волуш, тІом баьлла. Рицан а, Пикхахьи а тІамца Ярушалайм-гІалина тІелетира, амма цаьрга иза схьа ца яккхаелира. Даудан тІаьхьенах волчу Ахьаз-паччахье хаам кхечира, арамхой эпраймхошца цхьаьнакхетта аьлла. И кхаъ хезча, паччахь а, цуьнан нах а кхерабелира, мохо ластийна хьуьнхара дитташ санна, бегийра уьш. Везачу Эло ЕшаІ-ЯхІуга элира: «Хьо а, хьан кІант Шиар-Яшаб а Ахьазана дуьхьал гІо. Лакхарчу Іома чуьра хи охьадогІучохь, хІуманаш юьттучеран аренга боьдучу новкъа вала ший а. Ахьазе ала: „Ларло, амма синтеме хила, кхера а ма кхера, хьайн дог а ма дохаде, и сийсина догуш долу ши дечиг бахьана долуш – Рицан шен арамхошца а, Рамли-ЯхІун кІант а оьгІазвахана дела. Арамхой а, эпраймхой а, Рамли-ЯхІун кІант а хьуна зулам дан гІерташ бу, цара боху: ‘ЯхІуд-махкана тІе а летта, иза, кхера а бина, тІамца схьа а баьккхина, Табиалан кІант цигахь паччахь хІоттор ву вай’. Амма Хьалдолчу Эло боху: ‘И хІума лаьттар дац, и гІуллакх кхочушхир дац, хІунда аьлча Араман олахо Дамасакх-гІала ю, ткъа Дамасакхан олахо Рицан бен вац. Кхин кхузткъе пхи шо даьлча, эпраймхой, шаьш бохийна хиларна, кхин къам хир дац. Эпрайм-мехкан олахо Шамран-гІала ю, ткъа Шамранан олахо Рамли-ЯхІун кІант бен вац. Нагахь санна шу ца тешахь, шу чІагІдина хир дац’“». Везачу Эло Ахьазе кхин цкъа иштта хаам бира: «Хьайн Везачу Делера хьайна цхьа билгало еха. И билгало лаьтта бухара я лакхарчу стигалара хила мегаш ю». Ахьаза элира: «Ас йоьхур яц цхьа а билгало, Веза Эла зуьйр вац ас».
Выбор основного перевода