Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІай сонта, ца кхеташ долу халкъ, иза ду аша Везачу Элана дІалуш дерг? Иза вац ткъа шун Да, шу хилийтина а, шу кхоьллина а, шу дІатардина а волу? Олхазаршна а хаьа шаьш схьадахка деза хан а, шаьш дІадаха деза зама а: аистна а, къоркхокханна а, чІегІардигна а, гІаргІулина а. Амма хьуна, Сан халкъ, ца хаьа Аса хьайна тІедиллинарг. «Церан мотт, Іад санна, аьшпашна буьйлина бу. Шаьш тешаме цахиларна махкахь нуьцкъала хилира уьш. Цхьана вочу хІуманна тІаьхьа важа вониг до цара, амма Со къобалван ца лаьа царна», – боху Везачу Эло. ХІораммо а шен доттагІа лево, цхьаммо а бакъдерг а ца дуьйцу. Шайн мотт цара харцдолчунна тІетабина. Къинош а летош, уьш Суна тІе ца берзало. ГІело а йина, цара кхин а гІело йо. Іеха а вина, цара кхин а Іехаво. Ткъа Со къобалварх уьш дІакъехка», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода