Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІеро ча дІакхаллар санна а, екъа буц цІеран алунашкахь дІаялар санна а, церан орам телхар бу, ткъа церан заза, чан санна, дІасадер ду, хІунда аьлча цара Берриг а ницкъийн Везачу Элан товрат-хьехам дІатесна, Исраилан Везачу Делан дашах ца баьшна уьш. Арабевлча, царна Суна дуьхьалбевллачу нехан декъий гур ду: уьш бууш болу нІаьна а лийр бац, уьш багош йолу цІе дІа а йойур яц. Массо а адамна дегаза хетар бу уьш». «Гур ду шуна, Аса бекхам бо де тІекхочур ду, ткъа иза йогу пеш санна хир ду. ТІаккха кураллаш еш берш а, харцонаш лелош берш а – берриш а ча санна хир бу, уьш тІедогІун долчу дийно багор бу, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – церан я орам, я гаьннаш дуьтур дац. Цуьнан карахь кІа ору баьхьа бу. Цо хьаьттахь кІа цІандийр ду. КІа цІа чу схьагулдийр ду, ткъа кегаш цкъа а дІайовр йоцучу цІера юкъахь ягор ю Цо».
Выбор основного перевода