Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Сулим-паччахьо, сагІа доккхучу Везачу Элан кхерчана хьалха дІа а хІоьттина, гулделлачу массо а Исраилан халкъана хьалха, куьйгаш стигала хьала а дахийтина, ТІаккха кхойкхур ду шу соьга, амма суна хезар дац. Массанхьа а со лохур ду аша, амма со карор дац шуна, Якъубан тІаьхьенах Шен юьхь къайлаяьккхинчу Везачу Эле хьоьжуш хир ву со, Цунах дегайовхо йолуш хир ву со. Амма шун харцонаша шуна а, шун Далла а юккъе херо ялийтина. Аша летийначу къиноша Цуьнан юьхь шуьгахьара дІаерзийтина, ткъа цу бахьаненна Цунна шу ца хеза! ХІунда аьлча шун куьйгаш цІийно бехдина ду, шун пІелгаш – къиноша. Шун баганаша харцдерг дуьйцу, шун матто зуламениг дуьйцу. Цара марханаш кхабахь а, цара орца даккхаре ладугІур долуш вац Со. Дийнаташ дагоран я кІен сагІанаш цара Суна дахахь а, Аса уьш тІеоьцур бац. Мелхо а, туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца хІаллакбийр бу Аса уьш». Цундела Аса дІагойтур ю царна Сайн оьгІазалла, царах къинхетам а бийр бац, уьш кхоор а бац Аса. Уьш, маьхьарий а детташ, Соьга кхайкха буьйлалур бу, амма Ас ладугІур дац цаьрга». ТІаккха уьш Везачу Эле кхойкхур бу, амма Цо жоп лур дац царна. Цу дийнахь Цо Шен юьхь дІаерзор ю царах, цара зулам дина дела.
Выбор основного перевода