Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан яххьаша гойту уьш бехке хилар, шайн къинах лаьцна цара, ца лечкъош, седамхоша санна, дуьйцу. Къа ду церан! Шаьш шайна бохам бо цара. Везачу Элан даше ладогІа, кхаьрдаш болу куьйгалхой, Ярушалаймера оцу халкъана тІехь олалла деш болу. Хьан йоккхаха йолу йиша – Шамран-гІала ю, хьуна къилбаседехьа шен зудаберашца ехаш йолу. Хьан жимаха йолу йиша, хьуна къилбехьа шен зудаберашца ехаш йолу, Седам-гІала ю. Церан декъий сийлахьчу гІалин коьртачу урамехь дуьтур ду. Кица далош аьлча, цу гІаланах кхин тайпана Седам а, Мисар а олу. Цигахь церан Веза Эла жІарах дІатоьхна хилла.
Выбор основного перевода