Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Зуламна тІебовду церан когаш, бехк боцучун цІий Іано сихло уьш. Іеса ю церан ойланаш, дохор а, хІаллакьхилар а ду церан некъаш тІехь. «Дукха хан ю хьан дукъ ахь кагдина, тоххарехь хьан буржалш а хадийна. Ахьа бохура: „Хьуна муьтІахь хир вац со!“ Бакъду, муьлххачу а лекхачу гуна тІехь а, хІора луьста гаьннаш долчу диттана кІелахь а, кхахьпаллица кхечу деланашна Іибадат дора ахь. Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса халкъан аьтто юхаметтахІоттабича, ЯхІуд-махкахь а, цуьнан гІаланашкахь а хІара дешнаш кхин цкъа эр ду: „Везачу Эло декъалбойла хьо, беза лам, нийсо шена тІехь Іаш йолу меттиг“. Цундела Аса шу долчу бохкуьйту пайхамарш, хьекъалчаш, Іелам нах. Царах цхьаберш аша я бойу, я жІарах дІатуху, вуьш, шун гуламан цІенош чохь етташ, цхьана гІалара вукху гІала лоьхкуш лелабо. Шуна тІехь ду шуна Делан лаамехь болчеран цІий, аша Іанийна долу, бехк боцучу Хьабулна тІера дІадолийна Барак-ЯхІун кІант волчу Закри-ЯхІуна тІекхаччалц, Делан цІенний, сагІа доккхуш болчу кхерчаний юккъехь аша вийна волчу. «Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тІебахкийтиначарна тІулгаш детта ахь. Мел чІогІа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кІорнеш тІома кІел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза.
Выбор основного перевода