Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІалин кевнийн бІогІамаша гІайгІа йийр ю, уьш тийжаш а хир ду. Ша гІала, ерзина зуда санна, яссийна лаьттахь Іаш хир ю. Везачу Элан тептар тІехь схьа а лахий, дІадеша: оцу акхаройх цхьа а цигахь йоцуш хир яц, ткъа цхьа а стен дийнат боьршаниг доцуш хир дац, хІунда аьлча Цо Ша омра дина, Цуьнан Сино схьагулдийр ду уьш цхьаьна. Везачу Элан сийлалла гучуяьккхина хир ю, ткъа дерриге а адамашна иза гур ю, хІунда аьлча Везачу Эло Ша аьлла иза». Амма хІорра а шен-шен кемсийн таьллангана кІел а, шен-шен инжиран дитта кІел а хиъна Іийр ву. Царна цхьаммо а кхерамаш туьйсур бац, хІунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло аьлла иза.
Выбор основного перевода