Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма цуьнан Іад чІогІа ду, цуьнан куьйгаш онда а, говза а ду. Цунна ницкъ белла Якъубан Нуьцкъалчо, Исраилан Іуьно а, Тархо а, Шу алсам а дохуш, шуна диканиг деш самукъа-ма-даллара, шу хІаллакдеш а самукъадаьлла хир ву Веза Эла. Шайн дола баккха тІедоьлхуш болчу махкара а лохкур ду шу. Хьуна ницкъ биначаьрга Ас шайн дилха доуьйтур ду. Шайн цІийно бахор бу уьш, чагІаро санна. ТІаккха массо а адамашна хуур ду Со Веза Эла а, хьо КІелхьарйоккхург а, мах баларца хьо ПаргІатйоккхург а, Якъубан Нуьцкъалниг а вуйла». Кхоьруш долу дегнаш долчаьрга дІаала: «Доьналлехь а хила, кхера а ма кхера! Дела схьавогІур ву, шун мостагІашна бекхам бархьама. Царна доггІург а делла, шу кІелхьардаха Иза вогІур ву».
Выбор основного перевода