Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалхарчу а, ворхІалгІачу а дийнахь беза гулам дІахІотто беза аша. Цу деношкахь цхьа а тайпа болх бан мегар дац, яа хІума кечъяр бен. Шовзткъе итт де дІадаьлча, ворхІалгІа шоьтан де чекхдаьллачу шолгІачу дийнахь, Везачу Элана лерина керла кІен сагІа даккха. «Далла леринчу шоьтан дийнахь а бан беза шо кхаьчна болу ши боьрша Іахар, шайна тІехь цхьа а сакхт доцуш болу. Цуьнца цхьаьна кІен сагІина лерина дан деза зайтдаьттанах эдина долу ялхитта кад тоьлла кІен дама а, цуьнца цхьаьна чагІаран сагІина лерина чагІар а. «ХІора беттан хьалхарчу дийнахь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагІанаш даха. Иштта дийнаташ дан деза аша: шайна тІехь цхьа а сакхт доцу ши старгІа, цхьа ка, шо кхаьчна болу ворхІ боьрша Іахар. Цара изза дан дезара къастийначу дезачу деношкахь а, керла бутт болалуш долчу дезачу деношкахь а, дезачу шоьтан деношкахь а, хІоразза а Везачу Элана дийнаташ дагоран сагІанаш даьхча а. Яздина билгалдаьккхина ма-хиллара, Везачу Элана хьалха гІуллакх дан дезара левихоша массо а хенахь. Везачу Элана ца деза Іесачу наха дохуш долу сагІанаш, уьш мекарлонца дохуш хилча – муххале а ца деза. Амма сту сагІина буьйш верг Суна хьалха адам дуьйш верг санна ву. СагІина Іахар боккхуш верг жІаьлин ворта кагъеш верг санна ву. КІен сагІа доккхуш верг хьакхин цІий сагІина даьккхинарг санна ву. Хаза хьожа йогІу хІума ягош верг цІунна Іибадат дийриг санна ву. Шайн некъаш а хаьржина, шаьш лелочу дегазчу гІуллакхех царна там хиларе терра, Къоланаш а деш, нах а бойуш, нахаца а лелаш, харц йолу чІагІо а еш, хьалххе шайна бевзина боцучу БаІална а, кхечу харцделанашна а суждане а оьхуш, лелаш ма ду шу. Цул тІаьхьа Сан цІе лелош долчу цІийнан керта тІе а догІий, Суна хьалха дІахІуьтту шу: ‘Тхо маьршадевлла’ – бохуш. Массо а и дегаза хІуманаш лелорхьама, шаьш маьршадевлла моьтту те шуна? Лакхийша маІа Цийон-лам тІехь, дІахІоттадейша Далла марха кхабар, кхайкхийша халкъ динан гуламе.
Выбор основного перевода