Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гІаланаш Седам а, Іамор а, стигалара цІе а, саьнгал а чу а хецна. Цу хенахь Исраилан халкъах бисина болу, Якъубан тІаьхьенах кІелхьарбевлла нах шаьш эшийначух кхин тешна Іаш хир бац. Церан дегайовхо билггал Везачу Элах, Исраилан Везачух, хир ю. Халкъах жима дакъа юхадоьрзур ду, Якъубан тІаьхьенах бисинарш – Нуьцкъалчу Далла тІе боьрзур бу. ХІордан гІум санна, дукха нах хьан хиллехь а, Исраил, царах бисинарш бен Далла тІе боьрзур бац. Халкъ хІаллакдан сацам бина, нийса таІзар къомана тІехдер ду. Ярушалайман пайхамаршна юкъахь иштта ирча хІума гина Суна: ямарта а хуьлуш, цара харцонаш лелайо. Зуламхошна цара гІо дар бахьанехь, цхьа а шен Іесаллех дІа ца воьрзу. Суна хьалха уьш берриш а Седам-гІалин бахархой санна бу, ткъа Ярушалаймера нах Суна Іамор-гІалин бахархой санна бу». qac Зqac*аманашкахь а чекх ца болучу Везачу Элан безаман чаккхенга вай тІе ца кхаьчна, ткъа Цуьнан къинхетамаллин гІуллакхаш чекх а ца девлла. ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро хир ду ма-аллара: «Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло вайн тІаьхьенах цхьаберш дийна битина бацахьара, вай Седам-гІалин бахархой санна а хир дара, Іамор-гІалин бахархойх дІа а тарлур дара».
Выбор основного перевода