Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара шун даьхни а, шун лаьттах схьадаьлла ялта а дуур ду, шу дакъазадаххалц. Шуна бепиг а, чагІар а, даьтта а, стерчий а, уьстагІий а дуьтур дац цара, шу хІаллакдаллалц. Шун массо а гІалина тІе а летта, дерриг а шун лаьтта тІера шун бІобулуш хилла лекха а, онда а пенаш дохор ду цу халкъо. Шун Везачу Дала шуна лучу лаьтта тІехь ерриг а шун гІаланашна тІелетар бу уьш. Аса эр ду шуьга Сайн кемсийн бешана Айса ден дерг: цуьнан коканийн керт дІайоккхур ю Аса, тІаккха беш бежанаша яссор ю. Цуьнан пенаш дохор ду аса, тІаккха иза массара а хьоьшур ю. Ас элира: «Дукхачу ханна хир дуй иза, Хьалдолу Эла?» Цо жоп делира: «ГІаланаш ясса а елла, бахархой а боцуш йиссалц, адамаш доцуш цІенош диссалц, хІара латта дерриг а дассадаллалц. Веза Эла волчу Аса адамаш кхузара генна дІадуьгуьйтур ду, тІаккха хІара латта чІогІа дассалур ду. Цундела Сан дералла а, оьгІазалла а охьаІанайира, ЯхІуд-махкара гІаланаш а, Ярушалайман урамаш а дагош. Иштта уьш дохийна дІадехира, ткъа уьш хІинца а дассаделла лаьтташ ду“.
Выбор основного перевода