Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Аса шайна тІедиллинарг а, Сан парзаш а, лар а деш, кхочушде. ТІаккха шу синтем болуш Іийр ду шайн махкахь. «Иштта, тахана ас шуьга харжам бойту. Цхьана агІор дахар а, аьтто а бу. Вукху агІор Іожалла а, бохам а бу. Нагахь санна тахана ас шайна тІедуьллуш долчу шун Везачу Делан весеташка аша ладогІахь, – шайн Веза Дела везар, Цуьнан некъашца лелар, Цуьнан весеташ а, Цуьнан парзаш а, Цуьнан тІедехкинарш а лардар – шу дехар а ду, шу дебар а ду, шайн дола даккха шу тІедоьлхучу лаьтта тІехь шу декъал а дийр ду.
Выбор основного перевода