7
Исраилан халкъ мах баларца ПаргІатдаьккхинчо, цуьнан Веза Дела волчу Везачу Эло, нахана дегаза хеташ волчу а, къаьмнашна ца везаш волчу а куьйгалхойн Ялхочуьнга иштта боху: «Паччахьаш, Хьо ган а гина, хьалагІовттур бу ларамца. Паччахьийн кІентий а, Хьо ган а гина, лохха охьатаьІар бу, хІунда аьлча тешаме волчу Везачу Эло, Исраилан халкъан Везачу Дала, хаьржина Хьо».