Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Сqac*ацалолаш зулам дарх шу, ткъа цуьнан метта диканиг де! Цу гІуллакхна къа а хьоьгуш, машар аша лехалаш. ДІадуьло, дІадуьло, арадовла цигара! Боьхачух дІа ма хьакхало. Арадовла цу чуьра, шаьш цІанде, Везачу Элан пхьегІаш лелош дерш! Іесачо шен некъ буьтийла, ткъа къинош летийначо – шен ойланаш. Везачу Элана тІевоьрзийла иза – Цо цунах къинхетам бийр бу – Вайн Далла тІе, хІунда аьлча Цо комаьршаллица нахана гечдийр ду. «Ярушалаймхой, шайн даг тІера вониг дІацІанде, Соьга шаьш кІелхьардахийтархьама! Мел латто еза аша шайн дегнашна чохь зуламе ойланаш? Иштта боху Везачу Эло: ‘Бакъдерг а, нийсо а лелае, гІело йинарг гІело еш волчух ларве, тІевеаначу стагана гІело ма е, иза дІа а ма тетта, бай а, бисина Іаш болу зударий а ларбе, бехк боцучун цІий а ма Іанаде хІокху меттехь. Оцу пайхамарша олура: „Шайн вочу некъех а, зуламаш лелорах а шух хІорра а дІаверзалаш, тІаккха Везачу Эло шуна а, шун дайшна а деллачу лаьтта тІехь абаденналц даха таро хир ю шун. Вочунах дІавирзина, диканиг дойла цо, машар лохийла, цуьнгахьа къуьйсуш.
Выбор основного перевода