Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Далла дуьхьал бевлларш а, къинош летийнарш а лийр бу, Веза Эла дІатеснарш хІаллакбийр бу. ЦІеро ча дІакхаллар санна а, екъа буц цІеран алунашкахь дІаялар санна а, церан орам телхар бу, ткъа церан заза, чан санна, дІасадер ду, хІунда аьлча цара Берриг а ницкъийн Везачу Элан товрат-хьехам дІатесна, Исраилан Везачу Делан дашах ца баьшна уьш. Вукху паччахьех дІакхетар вац хьо кошахь, хІунда аьлча хьайн латта дакъазадаьккхина ахь, хьайн халкъ а хІаллакдина. Цкъа а хьахор яц зуламхойн тІаьхье. ХІунда аьлча и халкъ аьрха ду, иза аьшпаш буьттуш а, Везачу Элан хьехаме ладогІа ца лууш а ду. «Амма шу – тІедуьйла кхуза, зуда-бозбунчин бераш, нахаца лелачу стеган а, кхахьпанан а хІу! Аса иза дийр ду, шайн цІуш бахьана долуш Суна херабевллачу исраилхойн дегнаш юха схьалецархьама’“. Къинош а летадора, харцонаш а лелайора, хьарамдерг а леладора оха. Дуьхьал а девлла, Хьан весеташна а, парзашна а тІерадевллера тхо.
Выбор основного перевода