Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нежнашна юкъахь а, хІора луьстачу дитта кІелахь а цІушца боьзна болчу хьарамчу лаамех дуьзна ду шу. Татолашна йистехь а, тархашна кІелахь а берашна арсаш хьоькхуш ду шу. Даим цу халкъо юьхь-дуьххьал сийсазво Со, езачу бошмашкахь сагІанаш а дохуш, кибарчигех кечйиначу меттигашна тІехь хаза хьожа йогІу хІума а ягош, Лаьмнийн баххьашкахь сагІанаш доху цара, баьрзнаш тІехь хаза хьожа йогІу хІума а ягош, ножан а, акхтарган а, попан а дитташна кІел, оцу диттийн хаза ІиндагІ хуьлу дела. И бахьана долуш шун йоІарша а кхахьпалла леладо, ткъа шун несарий а нахаца лела. Шен тІемаш тІехь мохо дІахьур бу уьш, юьхьІаьржачу хІуьттур бу уьш, шаьш цІушна Іибадат дина дела».
Выбор основного перевода