Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Голаш тІехь а, настарш тІехь а, когийн айраш тІера хьеюккъе кхаччалц дерза ца доьрзу даьІнаш хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло. ШайтІа Везачу Элана уллора дІадахара. Цо Аюбан дегІа тІе когаш тІера дуьйна коьрта тІе кхаччалц ноткъа оьхуш долу даІ туьйхира. Хьан дералла бахьанехь дийна меттиг а ца йисина сан дегІа тІехь. Сан даьІахкаш лозуш ю ас летийна къинош бахьанехь. Беттан серло малхан серло санна хир ю, ткъа малхан серло ворхІазза сов сирла хир ю, цхьана денна чохь йолу ворхІ дийнан серло санна. И дерриг а хир ду Везачу Эло, Шен халкъана йина чов дІа а йихкина, Ша цунна динчу лазарна дарба дечу хенахь. Цо, тІе а вахана, даьттанца а, чагІарца а цуьнан чевнаш йила а йилина, дІайихкина. Юха лазийнарг, шен вира тІе а хаийна, некъахоша садоІучу цІийне а валийна, цуьнан цигахь терго еш, иза Іалаш а вина цо.
Выбор основного перевода