Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан детино боьха пардо лаьцна, хьан дика чагІар хино талхийна. Дети а, цІаста а, эчиг а, даш а, гІели а цхьаьна а тухий, кхерчана юккъе дуьллу, цІе марса а йоккху, уьш дашийтархьама. Аса а, Сайн оьгІазаллица а, дераллица а шу схьа а гулдина, Ярушалайм-гІалина чу а дехкина, лалор ду. Хьаьнга лалур ду те Иза схьавогІу де? Мила латталур ву, Иза схьавеача? ХІунда аьлча Иза дерриге а лалош йолу цІе санна а, дерриге а цІандеш долу саба санна а ву. Иза дети лалош а, цІандеш а верг санна охьахуур ву. Цо левихой цІанбийр бу, уьш, деши а, дети а санна, лалор бу Цо, хила деззачу тайпана Везачу Элана лерина сагІанаш цаьрга дахийтархьама.
Выбор основного перевода