2
Геланчаш хазахетарца тІе а эцна, Хьузакх-ЯхІус царна гайтира шен чІоь-цІа чохь мел дерг – дети а, деши а, хаза хьожа йогІу хІуманаш а, деза хьакхарш а, герз чохь долу цІа а, шен хазнашкахь кхин мел карош дерг. Хьузакх-ЯхІус шен паччахьан цІа чохь а, шен массо а пачхьалкхехь а царна гайтаза хІумма а ца дисира.