Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Йисина Іачу зудчунна а, байшна а зе ма де. Кхаьънаш ма эца, хІунда аьлча цара са гуш верг бІаьрзе во, бакъболчеран гІуллакх талхадо. церан догІмаш дазделла, уьш берстина. Цара дечу вон гІуллакхийн доза дац. Кхел ечу хенахь байшна нийсо ца кхочуьйту цара, ткъа къечу нехан бакъонаш цара лар ца йо. Везачу Эло боху: «Цара мел деш долу зулам Галгал-гІалахь долийнера. Суна циггахь ца дезаделира и халкъ. Цуьнан зуламе гІуллакхаш бахьана долуш, Аса и халкъ Со волчуьра эккхор ду. Суна иза кхин дезар дац. Цуьнан куьйгалхой берриш а аьрха бу. Церан куьйгаш зуламаш дан говза ду. Хьаькамаша шайна совгІаташ далар тІедожийна, кхелахошна кхаьънаш ийдо. Карахь Іедал долчу наха шайн лаамаш схьахоуьйту. Уьш массо а цхьа барт беш бу. Йисинчу зудчунна а, бо берана а, тІевеанчунна а, мискачунна а гІело ма елаш. Шайн даг чу вовшашна дуьхьал зулам дар дага ма тасийталаш“.
Выбор основного перевода