Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайна уллорачаьрга диканиг а дуьйцуш, ткъа дагахь вониг долчу а, зуламе гІуллакхаш дечу а, Іесачу а нахаца хІаллак ма вехьа со. Цуьнан бага даьттанал а кІеда ю, амма цуьнан даг чохь мостагІалла ду. Цуьнан дешнаш зайтдаьттанал а кІеда ду, ткъа уьш, баттара даьхна тарраш санна, ира ду. Сан са лоьмашна юкъахь ду. Цергех гоьмукъаш а, пхерчий а дина, маттех ира тарраш а дина, Іачу адамийн кІенташна юкъахь Іуьллу со. Ва харцонца ледеш дерш! Дала шуна хІун дийр ду те? Цо шуна стенца таІзар дийр ду те? Тарраш санна, цергаш йолу нах а хуьлу. Церан моччагІалш арсаш санна хуьлу. Церан Іалашо хуьлу къен нах дІакхалла а, адамашна юкъара пекъарш цистина дІабаха а. Сан къомана юкъахь вонаш дукха бу: уьш олхазарш лецархой санна, шайн цІаьлгаш дІахІиттош бу, амма церан цІаьлгаша лоьцуш дерш олхазарш дац, адамаш ду. Питанаш а деш, цунна тІекхочу уьш. Церан дегнаш пеш санна догу, церан дералла сахиллалц сийсаш йогу, ткъа Іуьйранна иза цІеяьлла алу санна хуьлу.
Выбор основного перевода