Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара шайн меттанаш, тарраш санна, ирдо, ткъа шайн дешнаш, дІаьвше пхерчий санна, тІекхуьссу. Наха кІа дІадийна, амма лаьтта тІера коканаш схьадаьхна. Цара къахьегна, амма цунах пайда ца эцна. Цара гулдинчу ялто шаьш юьхьІаьржачу хІиттабо, Веза Эла чІогІа оьгІазвахана хилар бахьана долуш». Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Бавелан стаммий пенаш баххаш тІе кхаччалц дохор ду, цуьнан лекха кевнаш а цІерца дагор ду. Халкъаша къахьегнарг эрна хир ду, къаьмнаша бина болх цІеро багийна хир бу». Изза Бавел-гІалина а хир ду: иза кхин хьалагІатталур йоцуш хи буха гІур ю, Везачу Эло цунна тІе бен болу бохам бахьана долуш». Цу тІехь Ярми-ЯхІун дешнаш чекхдовлу. ГІалин хьолахой къизаллах буьзна бу. Цуьнан бахархоша аьшпаш буьтту, харцметтанаш ду церан багахь.
Выбор основного перевода