Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Гиччош долчуьра шайн месаш дІа а ма хедае, шайн мажойн йистош а ма ларга. Со а ваьлла царна дуьхьал, церан мостагІийн махка уьш йийсаре а балийна), церан аьрха дегнаш къарделча а, шайн харцонех цара гІуда текхча а, Шайн дегнийн дуьхьлара пардо дІахададейша, ма хилийша кхин дІа а юхахьара. Аса иштта цу кеда чуьра малийтира: Мисар-махкара паччахь волчу пирІуне а, иштта цуьнан ялхошка а, тхьамданашка а, цуьнан дерриг халкъе а, цигарчу эделла долчу халкъашка а; ІуцІа-махкарчу массо а паччахьашка а; пІелаштамхойн гІаланийн массо а паччахьашка а: Ашкхилун-гІалин а, Іази-гІалин а, Іекхран-гІалин а, иштта Ашдод-гІалин дисинчу декъан а массо а паччахьашка а; Эдом-мехкан а, Муаби-мехкан а, Іаммин-мехкан а бахархошка; Даддан-гІалане а, Тейма-гІалане а, Буз-гІалане а; шайн гиччош тІера месаш лоргуш мел долчу къаьмнашка а; Аша Сан цІийнан керта чу хийрачу къаьмнех болу нах балийра. Иштта сунтбаза а, дегнаш хедоза а болчу аьрхачу наха а, Сан цІенна улло а кхаьчна, иза бехдина, Суна тІе сагІанийн мохь а, цІий а деача. Шаьш мел динчу дегазчу гІуллакхашца Соьца бина болу барт бохийра аша. Дегнаш а, лергаш а хедоза аьрха нах ду шу! Гуттар а Делан Синна дуьхьал ду шу! Шайн дай ма-хиллара шу а ду. ТІехьаьжча, тера леларх жуьгти хир ма вац, ткъа сунтвар дилхан тІера чкъор даккхар бен ма ца хуьлу. Бакъволу «жуьгти» (Делан халкъах верг) шен даг чохь жуьгти верг ву. Иштта сунтвар – йозанца ван веза аьлла дела а доцуш, ткъа даг чохь Делан Синехула сунтвар ду. Цунна, адамашкара а боцуш, Делера хастам хир бу.
Выбор основного перевода