Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И массо а тІаьхье дІаяьлча, царах схьабевлла нах тІекхиира. Царна Веза Эла а ца вевзара я Исраилан халкъана Цо дина долу гІуллакх а ца хаьара. Іелин кІентий чІогІа вон нах хилла. Цара Веза Эла къобал а ца вора, Цара шайн меттанаш, тарраш санна, ирдо, ткъа шайн дешнаш, дІаьвше пхерчий санна, тІекхуьссу. Бакъдолчуьнгахьа цхьаммо а аз ца айдо, нийсонца гІуллакх цхьаммо а ца къастадо. Даьссачу дешнех а доьзна, цара харцдерг дуьйцу, зуламе хІума дола а дой, бохам боккху. Везачу Эло боху: «Сан халкъ сонта ду. Цунна Со ца вевза. Сонта бераш санна ма ду иза. Сан халкъ кхетам боцуш ма ду. Цуьнан вон дан говзалла кхочу, амма дика дан цунна ца хаьа». Мехкан наха кхиберш Іехабо, талораш до, къечунна а, мискачунна а гІелонаш йо, кхечу махкара тІебаьхкина нах а хьийзабо. Ва исраилхой, ладогІал Везачу Элан даше! Везачу Эло кху лаьтта тІерачу бахархошка иштта бехк боккху: «Лаьтта тІехь тешаме хилар а дац, безам а, Дела вовзар а дац. Ткъа тІебаьхкича, цара хаттар до Іийсага: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла. Наха Хьайна олучух гІайгІа беш а вац Хьо, хІунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу. Мелхо а, Далла тІе боьду некъ нийса хьоьху Ахь. Нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац? Ло оха, я ма ло?»
Выбор основного перевода