Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма со Везачу Элера йолчу оьгІазлонах вуьзна ву, и оьгІазло соьга сайна чохь ца сецало». ТІаккха Везачу Эло элира: «И Сан оьгІазло арахь ловзуш долчу берашна а, кегийчу нахана а тІе хьажае. Майрачунна а, зудчунна а тІе дІаІанор ю, иштта хан яьлла волчу воккхачу стагана а тІе. КІа мохехь цІандаре терра, Аса уьш оцу мехкан массо а гІаланашкара аракхуьссур бу. Сан къоман бераш дІа а даьхна, Аса уьш хІаллакбийр ма бу, шайн харцачу новкъах уьш дІа ца бирзина дела. Цундела хІоттаехьа церан берашна мацалла, довзийтахьа царна тур а. Церан зударий берех бовлийла, иштта бисина а Іойла уьш. ХІаллакбойла церан майранаш а, ткъа церан къонахой тІамехь туьраца байийла.
Выбор основного перевода