Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела боху ас: «Вита со, со доггах воьлхур ву. Ма гІерта сан догъэца, сан хьоме халкъ дакъазадаккхар бахьана долуш». Сан хьоме къам! ТІеюха хьайна сингаттаман бедарш, тІетаса хьайна чимаш. Хьайн цхьаъ бен воцучу кІентан докъана ма-елххара, доггах елха. ЦІеххьана хІаллакдийриг вайна тІелетар ву». Холчохь ду сан халкъ, цундела хала ду суна а. ЧІогІа гІайгІане ву со, сан даг чу кхерам боьссина. ГалІадехь хьакхар-молха дац те? Цигахь лоьраш бац те? Сан хьоме къам хІунда ца тоделла те цаьрга? ХІара Сан дош цаьрга дІакхачаде: „Дийнахь а, буьйсанна а, ца соцуш, Сан бІаьргаш хих бузийла, хІунда аьлча Сан хьомечу къомана чов йина Сан йоІстаг йолчунна боккха бохам баьлла. qac Лqac*едарадевлла-кх сан бІаьргаш, бІаьргех хиш охьадарна. Кийрахь мел дерг дегадо сан, дог карзахдаларна. Сайн синах а ваьлла со, дукха тийжаш хиларна. И дерриг а хилла суна, сан халкъ дохийна лелорна, Кегий бераш а, дакхош дерш а, мацалло эгийна, ГІалин урамашкахь Іохкуш хиларна.
Выбор основного перевода