Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса Сайн куьг хьуна дуьхьал дерзор ду. Аса хьуна тІера боьханиг дІадоккхур ду, тІелеттачух хьо цІанйийр ю. Хьажал, хьо цІанъярхьма Ас лалийна хьо, амма дети санна ца лалийна хьо. Ас зийра хьо баланийн кхерчахь. Левси чІогІа кховсуш ю, дашца цхьаьна цІаро детих йоллу боьхалла дІаяккхархьама. Дети лалош волчо эрна болх бина хилла, хІунда аьлча халкъ хІинца а вонах цІан ца делла. Муха дІалур ду Аса хьо, Эпрайман халкъ? Муха дуьтур ду Аса хьо, Исраилан халкъ? Удам-гІалина диннарг дийр ду те Аса хьуна? Я Цхьабайма-гІалина диннарг дийр ду те? Сан дог меттахдаьлла, мел болу къинхетам самабаьлла. Иза дети лалош а, цІандеш а верг санна охьахуур ву. Цо левихой цІанбийр бу, уьш, деши а, дети а санна, лалор бу Цо, хила деззачу тайпана Везачу Элана лерина сагІанаш цаьрга дахийтархьама.
Выбор основного перевода