Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаьмнашка дІахьаьжира со: уьш дегош дара, ткъа гунаш техкаш лаьтташ дара. Со гонах дІасахьаьжча, цигахь цхьа а адам дацара, стигалара олхазарш а дІадаханера. Со дІахьаьжча, токхе лаьттах яьсса аре хилира, ткъа цуьнан массо а гІаланаш йохийна лаьттара, Везачу Элан дераллин оьгІазло бахьана долуш. Мел ханна хир ду хІара латта дакъийна, мел ханна хир ю хІора кха тІехь буц якъаелла? Цигахь Іаш болчеран Іесалла бахьана долуш, олхазарш а, акхарой а хІаллакьхуьлуш ю. Цу тІе а наха боху: «Далла ца хаьа тхан чаккхе муха хир ю». «Соьга цу лаьтта тІе акхарой яхийталур яра, тІаккха цара цигара бераш хІаллакдийр дара, ткъа и мохк баьсса хир бара. Цхьа а стаг вогІур вацара цу махка, хІунда аьлча массо а цу акхаройх кхоьруш хир вара. И хІума бахьана долуш хІара латта тийжар ду. Лаьтта тІехь бехачу массеран а гІора довр ду. Аренийн акхарой, стигалара олхазарш, ур-атталла хІордан чІерий а хІаллакьхир ду.
Выбор основного перевода