Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Гqac*Іийла дерш, дІа а хазий, самукъадаьлла хилалаш, Везачу Эло динчунна воккхавеш ма ву со. Веза Эла! Хьан хедар боцу безам стигалшка дІакхочу, Хьан тешаме хилар мархашка кхочу. Мел чІогІа мехала бу-кх Хьан хедар боцу безам, Дела! Хьан тІемийн ІиндагІехь адамаша шаьш лардойту. Ва адам! ДІахаийтина-кх хьоьга диканиг хІун ду а, Везачу Эло хьоьга хоттун дерг хІун ду а. Иза ду – нийсонца лелар, тешаме хилар дезар, шен кІезигалла а хууш, хьайн Делаца лелар. Муьлха Дела ву Хьо санна къиношна гечдеш а, Хьан долчу халкъах бисинчеран зуламашна къинтІера волуш а? Хьо даим вац оьгІазвахана вуьсуш, амма Хьуна къинхетам бан хазахета. Ткъа Хьо волчохь хедар доцу дахар бохург ду: цхьаъ бен воцу бакъволу Дела волу Хьо а, Ахьа дуьнен чу вахийтина волу Айхьа леррина къобалвина волу Іийса а вовзар. Цундела ма яздина Делан Йозанаш тІехь: «Ша дозалла дечо – Везачу Элах дозалла де». Йозанашкахь ма-аьлла: «Ша дозалла дан лууш волчо – Везачу Элах дозалла дойла». Суна-м ца лаьа цхьана а хІуманна тІехь дозалла дан, вайн Везачу Элан, Дала леррина къобалвинчу Іийсан, жІарах дІатохаран тІехь бен! И жІара бахьана долуш хІара дуьне суна дІадаьллера, ткъа со а кху дуьненна дІаваьллера.
Выбор основного перевода