Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Олхазарш чохь долу цІелиг санна, церан хІусамаш харцонех юьзна ю. И харцонаш бахьана долуш уьш лакха а бевлла, цара хьал а гулдина, Айса аьллачуьнга ладогІарх дІакъихкинчу шайн дайша летийначу къиношка юхабирзира уьш. Кхечу деланашна тІаьхьа а хІиттина, царна Іамал йора цара. Исраилан а, ЯхІудан а тІаьхьенаша Аса шайн дайшца бина барт бохийра. Ва исраилхой, ладогІал Везачу Элан даше! Везачу Эло кху лаьтта тІерачу бахархошка иштта бехк боккху: «Лаьтта тІехь тешаме хилар а дац, безам а, Дела вовзар а дац. Кху дуьнен чу Делах йолу серло яьржина, амма адамашна серлонал бода беза, шаьш до гІуллакхаш Далла хьалха вон долу дела. ХІунда аьлча хІора вон дечунна серло ца еза, иза серлонга а ца воьду, шен вон гІуллакхаш гучу ца далийтархьама.
Выбор основного перевода