Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Хьан вашас леви со, ван а веана, хьуна догІу декъалвар дІа а эцна!» – элира Исхьакха. «Лаа ма ца олу цунах Якъуб (и ду „левеш верг“ бохучух тера)! – элира Іесава. – Цо шозза леви со: цкъа соьгара дуьххьара дуьнен чу ваьллачун бакъо дІаийци, ткъа хІинца декъалвар а дІадаьккхи». Юха дега хаьттира Іесава: «Суна цхьа а тайпа декъалвар дитиний ахь?» Ур-атталла сан уггар дикачу доттагІчо, ас тешаме лоручу а, соьца бепиг дууш волчу а, мекарлонца суна дуьхьал куьг айина. Уьш аьрха нах бу, царна юкъахь мотт беттар даьржина, уьш мекха йиллича кхулуш долчу эчигах а, цІастанах а тера бу. Церан меттанаш Іожаллин пхерчий санна ду, цаьрца нах Іехабо цара. Шен лулахошца цара мерза мотт буьйцу, амма шайн даг чохь ямартло латтайо. Ур-атталла хьан гергарчара, – хьан ден цІийнах болчара, – ур-атталла уьш хьуна ямарта хилла. Цара хьуна дуьхьал мохь бетта. Ма теша царах, уьш хьайга эсала бистхилахь а». Вовшех а ма теша, доттагІчух тешна а ма Іе. Айхьа олу дош ларде хьайна юххехь Іуьллучух. ХІунда аьлча кІанта да сийсазвоккху, йоІ шен нанна дуьхьалйолу, нус шен марнанна дуьхьалйолу, стеган цІеранаш цуьнан мостагІий хуьлу. Шен цІа чохь берш хир бу стагана мостагІий“.
Выбор основного перевода