Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ярми-ЯхІу-пайхамаро тийжамаш дІаязбира Юши-ЯхІуна лерина. Назманаш олучу наха а, зударша а тахханалц а долчу шайн тийжарийн назманашкахь Юши-ЯхІух лаьцна олу. И назманаш Исраил-махкахь ламасташ юкъа дахийтира. Уьш Тийжамийн тептарна юкъа яхийтина ю. Иштта дагахь латтаве хьо Кхоьллинарг, хьо лакхенах кхоьру хан а тІекхачале, некъан халонех а хьо кхерале, миндал-дитто шен заза а хецале, цаьпцалг меллаша а такхале, дахаран чам а хьан дІабалале. Адам Іожаллин цІа чу ма доьду, ткъа белхар хІоттон берш хІинца а урамашкахь лелаш бу. Цундела иштта боху Везачу Эло, массо а ницкъийн Везачу Дала: «Массо а урамашкахь белхар хир ду. Массо а некъашкахь мохь хьоькхур бу: „Маржа-яІ! Маржа-яІ!“ – бохуш. Латталелорхо латкъам бан, ткъа тийжаме назманаш ала говзанаш белха а тІекхойкхур бу.
Выбор основного перевода