Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш шайн бахамах тешна Іаш а бу, шайн доккхачу хьолах дозалла деш а бу! ХІуъа дича а, адаме стаг паргІатваккхалур вац. Цуьнга оцу стеган дахарх Далла мах балалур бац. Адаман дахарх болу мах тІех боккха бу, вайга иза цкъа а балалур а бацара, адам гуттаренна дехаш хилийтархьама а, вахкавалар гар цуьнан ца хилийтархьама а Кхин а суна гира стигална кІел долу иштта хІуманаш: уггар а сиха леларш а гуттара а ца бовлу хьалха, уггар а ницкъберш а ца тоьлу тІамехь гуттара а. Иштта хьекъал долчарна а ца кхочу бепиг гуттара а, кхетам болчарна а ца кхочу хьал гуттара а, хаарш долчарна а ца хуьлу ларам гуттара а. Царах хІораннан а шен хан а ю, шен хьал-де а ду. Цо боху: «Сан массо а баьччанаш паччахьаш бац ткъа? КІаркамиш-гІалина динарг Хална-гІалина ца дина те? Арпад-гІалина динарг Хьамат-гІалина ца дина те? Дамасакх-гІалина динарг Шамран-гІалина ца дина те? ЦІуйн карахь йолу пачхьалкхаш Аса схьаяхарна – ткъа оцу пачхьалкхийн цІуш Ярушалаймехь а, Шамран-гІалахь а болчу цІуйл нуьцкъала бара – Ярушалаймана а, цуьнан куьйга бинчу деланашна а Шамран-гІалина а, цуьнан цІушна а диннарг дийр дац Аса?» Цийон-лам тІехь а, Ярушалаймехь а Шен гІуллакх чекх а даьккхина, Хьалдолчу Эло эр ду: «Ашур-мехкан паччахьна таІзар дийр ду Аса, цуьнан курачу даго кхиийначунна а, цуьнан бІаьргаш дозаллех буьзна хиларна а».
Выбор основного перевода