Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн лаьтта тІехь ялта хьокхучу хенахь кхан йистошка кхаччалц ма хьакха иза, ткъа охьаэгна кенаш схьа ма лехьаде. Къечарна а, тІебаьхкинчарна а дита уьш. Со шун Веза Дела ву». Беллачеран декъий лаьттахь Іохкуш хир ду, стигаларчу олхазарша а, акхароша а дууш. Уьш царна тІера дІалахка цхьа а стаг а хир вац. Оцу нехан даьІахкаш дІасаяржийна хир ю малхана а, беттасинна а, стигалан седарчашна а кІелахь. Стигалара и хІуманаш хІокху нахана езара, царна хІокху наха гІуллакх а дора, уьш царна тІаьхьа а лелара, царах уьш дагадовлура, царна Іибадат а дора. Цхьаммо а юха схьагулйийр яц и даьІахкаш, уьш цхьаммо а дІа а юхкур яц. Уьш, лаьттахь Іуьллуш долу кхо санна, цигахь Іохкур ю. И нах Іожаллин уьнех лийр бу. Церан декъашна воьлхуш цхьа а хир вац, уьш цхьанна а метте дІа а бухкур бац. Церан декъий лаьтта тІехь, кхо санна, Іохкуш хир ду. И нах мостагІийн тарраша а, мацалло а хІаллакбийр бу, ткъа церан декъий олхазарша а, акхароша а дуур ду».
Выбор основного перевода