Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаха Веза Эла Иза каро мегачу хенахь. Кхайкха Цуьнга, Иза уллохь волчу хенахь. Іесачо шен некъ буьтийла, ткъа къинош летийначо – шен ойланаш. Везачу Элана тІевоьрзийла иза – Цо цунах къинхетам бийр бу – Вайн Далла тІе, хІунда аьлча Цо комаьршаллица нахана гечдийр ду. «Муха вала веза Со хьуна къинтІера, ЯхІуд-мохк? Массо а хьан бераш Сох дІахерделла. Уьш цІушна суждане оьхуш бу, деланаш уьш боццушехь. Аса царна мел оьшург латтийнера, амма уьш ямартлонца лелара, тобанашца нахаца лелаш болу зударий болчу а оьхуш. Уьш юстийна йолу говраш санна бу, шайн хьайна хиларца лулахочун зудчуьнга дог хоуьйтуш болу. Исраилан а, ЯхІудан а халкъаш Суна кхоччуш тешаме доцуш лелара», – боху Везачу Эло. Къоланаш а деш, нах а бойуш, нахаца а лелаш, харц йолу чІагІо а еш, хьалххе шайна бевзина боцучу БаІална а, кхечу харцделанашна а суждане а оьхуш, лелаш ма ду шу. Веза Эла, аса гІуллакхна Хьан кхеле кхайкхахь, Хьо массо а хенахь бакъ ву. Делахь а, харцонах лаьцна хатта лаьа суна: Іесачеран аьтто хІунда боккху церан некъашкахь? Дерриг а тешаме боцу лелачеран синтем хІунда хуьлу? Ур-атталла хьан гергарчара, – хьан ден цІийнах болчара, – ур-атталла уьш хьуна ямарта хилла. Цара хьуна дуьхьал мохь бетта. Ма теша царах, уьш хьайга эсала бистхилахь а». Уьш массо а ямартлонех буьзна а, тешаме боцуш а бу. Церан дералла, цІиййинчу пешан цІе санна, дуккха а ханна юьсу, хьакхийна бод севсачу хенахь бепиг доттучо пеш йогучуьра сацаяхь а.
Выбор основного перевода