Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу къаьмнашна юкъахь дІасадаржор ду Ас, шуна тІаьхьа тур а даьккхина. Шун латта даьсса хир ду, шун гІаланаш а йохийна Іохкуш хир ю. Лаьттан цхьана маьІІера вукху маьІІе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дІасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тІулган а цІушна Іамал йийр ю аша. Аса уьш, мостагІийн лолле дІа а белла, шайна бевзаш боцучу махка дІабохуьйтур бу. Сан дералло цІе латор ю, ткъа оцу цІеро уьш дІакхоллур бу». Аса цу нехан тергам бийр бу, амма царна гІо дархьама бийр бац, уьш хІаллакбархьама тергал беш хир ву. Мисар-махкахь бехаш болу яхІудхой я мацалло хІаллакбийр бу, я туьро бойур бу, царах кхин цхьа а стаг ца виссалц. Церан мостагІех а, уьш хІаллакбан лоьхуш болчарах а кхерор бу Ас Іейламхой. Ас царна бохам боккхур бу, иштта Сан чІогІа дералла царна тІе а ерзор ю, – боху Везачу Эло. – Ас Сайн тур царна тІехьажор ду, уьш берриш а хІаллакбина дІабаххалц. Цу месех кхозлагІа долу дакъа, гІалина го бина долу денош чекхдевлча, айхьа динчу гІалин суьртана юккъе охьа а диллий, дагаде. Важа дакъа гІалина гонах шаьлтанца хедадай, охьадилла. Месийн тІаьххьара дакъа мохехь дІасадаржаде, ткъа Со хьалаайинчу туьраца цунна тІаьхьавер ву.
Выбор основного перевода