Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іаьржа марха санна, тІегІерташ ву мостагІа. Цуьнан гІудалкхаш, йилбазмох санна, сиха ю, цуьнан говраш аьрзунел а сиха ю. Аса элира: «Маржа яІ! Ма хІаллакьхир ду вай!» Аса Сайна уллора юхатоттур ду шу, шун гергара йолу Эпрайман тІаьхье юха-ма-таттара“». Везачу Эло соьга элира: «Муса-пайхамар а, Шамъал-пайхамар а ЯхІудан халкъан дуьхьа Суна хьалха дехарш деш хилча а, Аса цу халкъах къинхетам бийр бацара. ДІалахкахьа Со волчуьра и нах, дІабахийтахьа уьш.
Выбор основного перевода