Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Асайпан назма. Ва Дела! Кхечу къаьмнаша дІалаьцна Хьан долахь долу латта, цара бехдина Хьан деза цІа, Ярушалаймах саьлнаш йина дІахІиттийна цара. Акха жІаьлеш угІур ду дІатесна йолчу цуьнан бІаьвнашкахь, ткъа чангІалкхаш – цуьнан исбаьхьачу гІаланашкахь. Иза хиндолу хан гергакхаьчна, ткъа цуьнан денош дахдийр дац». Ахьа гІаланах тІулгийн оьла йина, чІагІйинчу гІаланах саьлнаш йина, хийрачу къоман гІопах гІала йоцург йина. И гІала цкъа а юхаметтахІоттийна хир яц. КІохцалш долу коьллаш дезачу цІеношкахь кхуьур ю, баьІаша а, нитташа а гІепаш къайлайохур ю. ЧангІалкхаш а, бухІанаш а Іийр ю цигахь. Везачу Эло элира: «Мохк хІаллакьхир бу, амма массо а хІума хІаллакдийр дац Аса. ХІунда бо ахьа Везачу Элан цІарах хаамаш, хІокху Везачу Элан цІенна Шилун-гІалина диннарг дийр ду, хІара Ярушалайм-гІала йохийна а, яссийна а дІахІоттор ю бохуш?» Массо а халкъ Везачу Элан цІийнан кертахь дІахІоьттира, Ярми-ЯхІуна дуьхьал а даьлла. ХІинцале а шайна чохь адамаш дехаш йолу ерриг а гІаланаш хІаллакйийр ю, дерриг а латта дассалур ду. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’“». Цундела шу бахьана долуш Цийон-лам, аре санна, охур бу, ткъа Ярушалаймах тІулгийн оьла хир ю, Делан цІа тІехь лаьттинчу лам тІе хьун ер ю.
Выбор основного перевода