Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дийнахь сарралц Сайн куьйгаш вочу новкъахула шайн лаамашца леллачу къар ца лучу халкъе а кховдийна, Іийна Со. Цу заманахь Ярушалаймана, Везачу Элан Іарш аьлла, цІе туьллур ю. Массо а къаьмнаш Ярушалайме схьагуллур ду, Веза Эла волчу Суна Іибадат дархьама. Цара кхин дийр дац шайн мекарчу, аьрхачу дегнаша бохург. ХІунда аьлча шайна Дела вевззашехь, оцу адамаша хьакъ мадду сий а ца дора Делан, Цунна хастамаш а ца бора. И даран метта адамаш эрначу ойланашкахьа дирзинера, кхетам боцу церан дегнаш Іаржделлера. Шаьш хьекъал долуш ду а бохуш, уьш сонта бовлуш бара. Цкъа а лийр воцучу Делан сийлалла цара хийцира цІушна Іамалъярх. И цІуш лийр долчу адамийн а, хьозанийн а, дийнатийн а, текхаргийн а куьцехь бара. Цундела и адамаш шайн дегнийн хьарамчу лаамийн карахь дитира Дала, ткъа цара вовшашца сийсаза а лелаш, къиношца шайн догІмаш бехдира. Сайн тайпанара болчу жуьгтийн нийсархошна юкъахь, сайн дайша лелийна Іадаташ лардар тІехь хьалхе йоккхуш стаг вара со. Хаалаш, телхина дІадер долу дети я деши а делла эцна яц шун паргІато, шун дайх дисинчу гІийлачу дахарх шу мукъадохуш,
Выбор основного перевода