Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царна юкъахь тамашийна билгало а йина, дийна бисинчарах цхьаберш Сох лаьцна ца хезначу а, Сан сийлалла ца гиначу а къаьмнашна тІе бохуьйтур бу Ас: Таршаш тІе а, пІулахошна а, шайн говзачу Іад кхуссучаьрца болчу лудамхошна а тІе, Тубална а, Яванна а тІе, генахь долчу хІордан йистерачу халкъашна а тІе. Оцу халкъашна юкъахь Сан сийлалла кхайкхор ю цара. Парси-махкара а, Луда-махкара а, ПІатІа-махкара а тІемалой бара хьан эскарна юкъахь, цара хьан цІенойн пенашна тІе шайн турсаш а, гІемаш а хьалаоьхкира, цара хьан сий а хьалаайира. ГІудалкхаш урамашкахула дІасахьаьдда, майданашкахь къевкъа уьш. Царах, цІарах санна, лепар схьадолу, къега уьш, секхаІад санна. Хуша а, Мисар-мохк а хедар боцу цуьнан ницкъ хуьлура. ПІатІа а, Лива-мохк а цуьнга гІо лаца богІура.
Выбор основного перевода