Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Чу а йоссий, чена тІе охьахаа, йоІстаг санна йолу Бавел-гІала. Олаллин гІантан метта, лаьтта тІе хаа, хашадхойн йоІ санна йолу гІала. Хьох кхин цкъа а эр дац ховханиг а, экамниг а. ГалІадехь хьакхар-молха дац те? Цигахь лоьраш бац те? Сан хьоме къам хІунда ца тоделла те цаьрга? Кхелехь къасто дезачу хьан гІуллакхна гІайгІа бан цхьа а вац, хьан цамгар дІаерзо иштта цхьа а вац. Хьуна дан дарба а дац. Аса юха а меттахІоттор ду хьо, йоІстаг санна долу Исраилан халкъ, хьо юхаметтахІоттийна а хир ду. Ахь юха а жиргІанаш еттар ю, самукъане хелхар а деш, хьо лелар ду. ДІахІоттае хьайн некъан билгалонаш, некъ каро тІулгаш хьайна охьадахка. Тидам бе хьо леллачу некъан, хьо дІадуьгуш хиллачу тачанан. ЙоІстаг санна долу Исраилан халкъ, юхадерза хьайн гІаланашка. Амма цІеххьана буьйжира Бавел-мохк, хІаллак а хилира иза. Делха и бахьана долуш, лаха цуьнан чевнашна молха: иза тобала а мега шуна. «Адаман кІант! Ас Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунан куьг кагдина. Иза цхьаммо а, лоьралла а деш, дІа а ца дихкина, цуьнгахь тур хьалаайа ницкъ хилийтархьама».
Выбор основного перевода