Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса Мисар-мехкан паччахь волу ХьупраІ-пирІун вен гІерташ болчу цуьнан мостагІийн кара дІалур ву иза, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахь ЦІадукъ-ЯхІу Аса иза вен лоьхучу цуьнан мостагІа волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дІа-ма-валлара’“». Мисар-махкахула я адаман, я дийнатан ког а ловзур бац. Шовзткъа шарахь цигахь цхьа а стаг хир вац вехаш. Даьссачу латтанашна юкъахь уггар баьсса мохк бина дІахІоттор бу Ас Мисар-мохк. Шовзткъа шарахь цуьнан гІаланаш йохийначу гІаланашна юкъахь хир ю. Аса дІасабаржор бу мисархой кхечу къаьмнашкахула а, уьш кхечу мехкашкахула дІасакхуьссур а бу’. Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Шовзткъа шо дІадаьлча, Ас схьагулбийр бу мисархой кхечу къаьмнашна юкъахь дІасабаржийначуьра. Ас юхабалор бу мисархойн йийсархой, уьш схьабевлла долчу ПатІрусан лаьтта тІе схьабалор бу Ас уьш, амма церан пачхьалкх кхин чІагІъелла дІахІуттур яц. ХІунда аьлча Хьалдолчу Эло иштта боху: «Бавелхойн паччахьан тур хьуна дуьхьал доккхур ду.
Выбор основного перевода