Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ашур-мехкан паччахьо, Мисар-мохк а, Хуша-мохк а схьа а баьккхина, цигара къона а, къена а йийсархой дІабуьгур бу. Берзина а, когаш Іуьйра а хир бу уьш, ур-атталла церан вареш ерзина хир ю, Мисарна эхь хетийтархьама. Дошлой, шайн говраш тІе нуьйраш а тахкий, царна тІе а ховший, шайн гІемаш дІатахка. Иштта гІаьгІнаш тІедуха, гоьмукъаш а ирде“. Дибонахь дехаш дерш, охьадисса шайн сийлаллин лакхенгара, лаьттарчу чена юккъе охьаховша. Муаби-мохк хІаллакбийриг хьуна тІелета, ткъа Цо шун массо а гІепаш йохор ю. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас цІуш а бохор бу, Нуп-гІалара харцделанаш а хІаллакбийр бу. Мисар-махкахь кхин хир вац куьйгалхо. Ас кхерам тосур бу Мисар-махкахь бехаш болчеран даг чу.
Выбор основного перевода