Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу буссехь дуьхьал хІоьттинчу Везачу Эло цуьнга элира: «Со хьан ден ИбрахІиман Дела ву. Цхьана а хІуманах ма кхера, хІунда аьлча Со хьоьца ву. Ас хьо декъалвийр ву, хьо дебош, хьан тІаьхье дукха хуьлуьйтур ю. Сайн ялхочун ИбрахІиман дуьхьа дийр ду Ас иза». МостагІалла леладе, халкъаш, ткъа дог доьхна хила. Генара мехкаш, ладогІалаш! ТІамана кечам бе, ткъа дог доьхна хила! ХІаъ, кечам бе, амма хаа ду шуна, шу дог доьхна хир ма ду! Дага хІуманаш леца, амма уьш нислур дац. Дош ала, амма иза кхочушдийр дац, хІунда аьлча тхоьца Дела ву! Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чІагІ а дийр ду, хьуна гІо а дийр ду. Со хьуна гІортор хилла дІахІуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца. Уьш массо а хьуна дуьхьал хир бу, амма цаьрга хьо эшалур вац, хІунда аьлча Со хьоьца ву, – боху Везачу Эло, – Аса хьо кІелхьар а воккхур ву». Везачу Эло элира: «Мохк хІаллакьхир бу, амма массо а хІума хІаллакдийр дац Аса. Нисвехьа со, Веза Эла, амма Хьайн нийсонца бен иза ма дехьа. ОьгІаз а вахана, суна таІзар ма дехьа, сох хІумма а воцург ца хилийтархьама. хІунда аьлча Со шуьца ву, шу кІелхьардохур ду – боху Везачу Эло. – Шу дІасалаьхкина мел долу къаьмнаш Аса билггал хІаллакдийр делахь а, шу хІаллак ца деш дуьтур ду. Шуна таІзар ца деш Аса шу дуьтур дац, амма Аса нийсонца шуна таІзар дийр ду». «Хьалдолчу Элан бІаьргаш къинош летийначу пачхьалкхана тІехьажийна бу. Ас, хІаллак а йина, лаьтта тІера тІепаза йойур ю иза. Амма Якъубан цІа Ас кхоччуш хІаллакдийр дац, – боху Везачу Эло. – Ас, омра а дина, Исраилан халкъ массо а халкъашна юкъахь дІасадаржор ду, цецана чу дожош долу буьртигаш санна, амма царах цхьа а вониг лаьтта ца бужу.
Выбор основного перевода