Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо дагарца луьста хьун хьокхур ю, Нуьцкъалчун куьйгах Ливанунан хьаннаш оьгур ю. Баганан диттийн хьо дІаваларх самукъадолу, ткъа Ливанунера дитташа хазахетарца боху: „Хьо дІакхелхинчул тІаьхьа, цхьа а ца вогІу тхо, хедош, охьадетта“. Хьо сийсазйина хир ю, лаьттара схьа къамел дийр ду ахьа. Хьан къамел лаьттан чена бухара схьа хезаш хир ду, гІалартан санна, хир ду хьан аз, чена кІелхьара шабар-шибар хир ду ахьа бохуш дерг.
Выбор основного перевода