Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара бу Мисарх лаьцна болу хаам. Хьажал, чехкачу мархи тІехь Мисара хохку Везачу Эло. Цунна хьалха мисархойн цІуш, кхерабелла, бегабо, мисархойн майралла а, ешна, дІайолу. Ахьа и хІума деш гуш болчу яхІудхошка ала: „Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло хІара боху: ‘Ас Сан лай волчу Бавелан паччахье Набухди-Нецаре кхуза схьакхайкха бохуьйтур бу. Ас цуьнан паччахьан гІант кхузахь Айса дІадоьхкина долчу тІулгаш тІехь дІахІоттор ду. Цу тІулгаш тІехь Набухди-Нецара шен паччахьан четар дІахІоттор ду. Иза, кхуза схьа а веана, Мисар-махкана тІелетар ву. Іожаллина леринарг Іожаллина гІур ву, йийсаре вигийта леринарг йийсаре гІур ву, ткъа туьро вен леринарг туьра кІел гІур ву. Со хьуна а, хьан хишна а дуьхьалваьлла. Ас бассор бу Мисар-мохк Мигдолара дуьйна Савейнина тІе кхаччалц а, цигара Хушин дозанна тІе кхаччалц а.
Выбор основного перевода