Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
СекхаІад кхуссучарна шайн Іад дула я шайн гІаьгІнаш тІедуха хан ма ло. Бавелхойн кегий нах ма кхоабе! Дерриг а церан эскар, дохадай, хІаллакде! Везачу Эло мадайхойн паччахьийн са карзахдаьккхина, хІунда аьлча Иза Бавелан къам хІаллакдан воллуш ву. Цу тайпана Цо бекхам бийр бу Бавелна, цара Шен дезачу цІенна динарг бахьана долуш. ТІеман хьаькамаша омра до: «Схьаэца шайн турсаш, ирде пхерчий! «Адаман кІант! Соьгара нахана хаам бе. ДІаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Туьре хьажал! И тур ирдина а ду, заьнгала дина а ду. Иза адамаш дайа ирдина, стелахаьштиг санна къегийта заьнгала дина. Даккхийдеш лела дезий вай? Сан кІентан олаллин гІожан хІора диттах дог долу. Ас тур заьнгала дайтира, иза караэцархьама. И тур ира а ду, заьнгала дина а ду, иза хІаллаквечун кара дІадалархьама.
Выбор основного перевода